Toggle navigation
Главная
Переводы Библии
Комментарии к Библии
Библейские словари и энциклопедии
Новости
Выбор основного перевода
Синодальный
Современный
Перевод РБО. Радостная Весть
Юбилейное издание (Свет на Востоке)
Перевод свящ. Леонида Лутковского
Церковнославянский перевод
Аварский (магӀарул мацӀ)
Азербайджанский (Azärbaycanca)
Башкирский (башҡорт теле)
Беларускі пераклад
Грузинский (ქართული ენა)
Казахский (қазақ тілі)
Кумыкский (къумукъ тил)
Осетинский (ирон æвзаг)
Таджикский (тоҷикӣ)
Татарский (татарча)
Туркменский (Türkmençe)
Узбекский (ўзбекча)
Український переклад І. Огієнка
Чеченский (нохчийн мотт)
Чувашский (чӑвашла)
American Standard
Biblia Tysiąclecia
Deutsche Luther
Ελληνική μετάφραση
King James
Română traducere
Tradução português
Traducción al español
Traduction française
Traduzione italiana
Türkçe çeviri
中文 汉译
Новый русский перевод МБО
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Сделайте выбор
Комментарии Баркли
Новая Женевская Учебная Библия
Толкование Златоуста
Учебная Библия МакАртура
Толкование Жана Кальвина
Комментарии МакДональда к Библии
Серия комментариев МакАртура
Толкование Мэтью Генри
Толковая Библия Лопухина
Толкование Далласской семинарии
Толкование Блаженного Феофилакта Болгарского
Новый Библейский Комментарий
Комментарии Давида Стерна к Новому Завету
Комментарии Сперджена
Синодальный
Современный
Перевод РБО. Радостная Весть
Юбилейное издание (Свет на Востоке)
Перевод свящ. Леонида Лутковского
Церковнославянский перевод
Аварский (магӀарул мацӀ)
Азербайджанский (Azärbaycanca)
Башкирский (башҡорт теле)
Беларускі пераклад
Грузинский (ქართული ენა)
Казахский (қазақ тілі)
Кумыкский (къумукъ тил)
Осетинский (ирон æвзаг)
Таджикский (тоҷикӣ)
Татарский (татарча)
Туркменский (Türkmençe)
Узбекский (ўзбекча)
Український переклад І. Огієнка
Чеченский (нохчийн мотт)
Чувашский (чӑвашла)
American Standard
Biblia Tysiąclecia
Deutsche Luther
Ελληνική μετάφραση
King James
Română traducere
Tradução português
Traducción al español
Traduction française
Traduzione italiana
Türkçe çeviri
中文 汉译
Новый русский перевод МБО
Выбор книги основного перевода
Бытие
Ветхий Завет
Ветхий Завет
Бытие
Ветхий Завет
Книга Бытие в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Исход
Ветхий Завет
Книга Исход в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Левит
Ветхий Завет
Книга Левит в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Числа
Ветхий Завет
Книга Числа в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Второзаконие
Ветхий Завет
Книга Второзаконие в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иисус Навин
Ветхий Завет
Книга Иисус Навин в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Судьи
Ветхий Завет
Книга Судьи в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Руфь
Ветхий Завет
Книга Руфь в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Царств
Ветхий Завет
Книга 1. Царств в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Царств
Ветхий Завет
Книга 2. Царств в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
3. Царств
Ветхий Завет
Книга 3. Царств в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
4. Царств
Ветхий Завет
Книга 4. Царств в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Паралипоменон
Ветхий Завет
Книга 1. Паралипоменон в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Паралипоменон
Ветхий Завет
Книга 2. Паралипоменон в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Ездра
Ветхий Завет
Книга Ездра в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Неемия
Ветхий Завет
Книга Неемия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Есфирь
Ветхий Завет
Книга Есфирь в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иов
Ветхий Завет
Книга Иов в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Псалтирь
Ветхий Завет
Книга Псалтирь в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Притчи
Ветхий Завет
Книга Притчи в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Екклесиаст
Ветхий Завет
Книга Екклесиаст в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Песня Песней
Ветхий Завет
Книга Песня Песней в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Исаия
Ветхий Завет
Книга Исаия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иеремия
Ветхий Завет
Книга Иеремия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Плач Иеремии
Ветхий Завет
Книга Плач Иеремии в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иезекииль
Ветхий Завет
Книга Иезекииль в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Даниил
Ветхий Завет
Книга Даниил в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Осия
Ветхий Завет
Книга Осия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иоиль
Ветхий Завет
Книга Иоиль в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Амос
Ветхий Завет
Книга Амос в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Авдий
Ветхий Завет
Книга Авдий в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иона
Ветхий Завет
Книга Иона в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Михей
Ветхий Завет
Книга Михей в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Наум
Ветхий Завет
Книга Наум в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Аввакум
Ветхий Завет
Книга Аввакум в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Софония
Ветхий Завет
Книга Софония в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Аггей
Ветхий Завет
Книга Аггей в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Захария
Ветхий Завет
Книга Захария в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Малахия
Ветхий Завет
Книга Малахия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Новый Завет
От Матфея
Новый Завет
Книга От Матфея в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
От Марка
Новый Завет
Книга От Марка в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
От Луки
Новый Завет
Книга От Луки в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
От Иоанна
Новый Завет
Книга От Иоанна в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Деяния
Новый Завет
Книга Деяния в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иакова
Новый Завет
Книга Иакова в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Петра
Новый Завет
Книга 1. Петра в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Петра
Новый Завет
Книга 2. Петра в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Иоанна
Новый Завет
Книга 1. Иоанна в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Иоанна
Новый Завет
Книга 2. Иоанна в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
3. Иоанна
Новый Завет
Книга 3. Иоанна в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иуды
Новый Завет
Книга Иуды в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Римлянам
Новый Завет
Книга К Римлянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Коринфянам
Новый Завет
Книга 1. Коринфянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Коринфянам
Новый Завет
Книга 2. Коринфянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Галатам
Новый Завет
Книга К Галатам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Ефесянам
Новый Завет
Книга К Ефесянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Филиппийцам
Новый Завет
Книга К Филиппийцам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Колоссянам
Новый Завет
Книга К Колоссянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Фессалоникийцам
Новый Завет
Книга 1. Фессалоникийцам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Фессалоникийцам
Новый Завет
Книга 2. Фессалоникийцам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Тимофею
Новый Завет
Книга 1. Тимофею в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Тимофею
Новый Завет
Книга 2. Тимофею в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Титу
Новый Завет
Книга К Титу в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Филимону
Новый Завет
Книга К Филимону в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Евреям
Новый Завет
Книга К Евреям в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Откровение
Новый Завет
Книга Откровение в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
← Предыдущая
Бытие
Следующая →
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
1
ИбрахІим къанвеллера, дуккха а шераш дара цуьнан. Везачу Эло къобалвора иза массо а цуьнан гІуллакхаш тІехь.
2
ИбрахІиман долахь долчунна тІехь Іуналла деш цхьа тешаме ялхо вара. Иза схьа а кхайкхина, ИбрахІима элира: «Сан кога кІел куьг а диллий,
3
стигалан а, Лаьттан а Дела волчу Везачу Элана хьалха суна чІагІо е, КанаІан-махкара цхьа а йоІ сан кІанте ялайойтур яц алий. Вай кху халкъана юкъахь Іаш ду, амма канаІанхо ма ялаяйталахь цуьнга.
4
Сан махка, сан гергарчу нахана тІе а гІой, цигахь Исхьакхана зуда а лахий, иза а ялош схьавола».
5
Ялхочо хаьттира цуьнга: «Оцу зудчунна соьца кху махка ян ца лаахь, хьан кІант хьо схьаваьллачу махка дІавига везий ас?»
6
«ХІан-хІа! И дан мегар дац! – элира ИбрахІима. – Ма вига сан кІант цига.
7
Стигаларчу Дала, Везачу Эло валийна со сайн ден цІийнера, со винчу махкара кху лаьтта тІе. ХІара латта сан доьзалан хир ду аьлла, чІагІо йинчу Везачу Эло Шен малик дохуьйтур ду хьуна хьалха даьккхина, хьоьга сан кІантана цигара йолу зуда харжийта.
8
Нагахь йоІ хьуна тІаьхьа схьаян реза ца хилахь, айхьа суна йинчу чІагІонах паргІат ву хьо, амма сан кІант цига дІа ма вига».
9
Ялхочо, шен эла волчу ИбрахІиман кога кІел шен куьг а диллина, чІагІо йира тІедиллинарг кхочушдан.
10
ИбрахІиман итт эмкал схьа а эцна, дуккха а тайп-тайпана цуьнгара долу деза совгІаташ а кечдина, Арам-НахІарайм-махкахь йолчу Нахьир Іийначу гІала вахара ялхо.
11
Суьйранна, зударий хи тІе боьлхучу хенахь, гІалина арахьа, шовданан йистехь эмкалш голаш тІе охьайийшийра цо.
12
«Веза Дела, – аьлла, дийхира ялхочо, – Хьо сан элан ИбрахІиман Дела ву, цунах къинхетам а бай, таханлерачу дийнахь цуьнан кІантана зуда каро аьтто бехьа сан!
13
ХІокху шовданна йистехь лаьтташ ву со. ГІалара мехкарий богІу кхуза хи эца.
14
Исхьакхана леринарг муьлха ю хьоьжуш, цхьана билгалоне сатуьйсуш Іа со. Ас эр ду йоІе: „Хьайн кхаба охьаерзаехьа, хи мер дара ас“. Нагахь цо: „Мала ахь, ас хьан эмкалшна а лур ду хи“, – алахь, суна хуур ду, иза цунна леринарг юйла а, Хьо сан элах къинхетам беш вуйла а».
15
Цуьнан къамел чекх ца даьллера, ИбрахІиман вешин Нахьиран а, цуьнан зудчун Малкин а кІентан Бетаалан йоІ Ребикха, белш тІе йиллина кхаба а яхьаш, шовданна тІе еача.
16
Иза, чІогІа хаза а йолуш, боьрша стаг шех кхетаза йоІстаг яра. Шовда долчу чу а йоьссина, шен кхаба хьала а юьзна, юхаеара иза.
17
Цунна тІе а вахана, ялхочо элира: «Хьайн кхаби чуьра хи малийтахьа соьга», – аьлла.
18
Ребикхас, цу сохьта шен белша тІера кхаба охьа а яьккхина, хи малийтира цуьнга: «Мала хьайна», – аьлла.
19
Иза хи мелла ваьлча, йоІа элира: «Ас тоъал хьан эмкалшна а малор ду хи».
20
Шен кхаби чуьра дерриг а хи эмкалшна дІа а доьттина, юха, едда яхана, кхин а хи а деана, массо а эмкална хи малийра цо.
21
Ялхо, вист а ца хуьлуш, хьоьжура цуьнга, шен доІина Везачу Эло жоп а делла, ша арабаьккхина некъ кхочушхиллий хаа лууш.
22
Эмкалш хи мелла евлча, цо Ребикхина ах шекхал йолу, мерах юллу дашо чІуг а, куьйгех буллу йозаллина итт шекхал болу дашо ши хІоз а белира.
23
Юха цо йоІе хаьттира: «Хьо хьенан ю? Хьан ден хІусамехь тхуна буьйса яккха меттиг хир ярий?» – аьлла.
24
«Малкас Нахьирна винчу Бетаалан йоІ ю со», – аьлла, жоп делира Ребикхас.
25
Юха тІетуьйхира: «Хьан эмкалшна ча а ду тхоьгахь, шуна буьйса яккха меттиг а хир ю».
26
Везачу Элана хастам беш, лохха охьатаьІира ялхо.
27
Цо элира: «Хастам бу Везачу Элана, сан элан ИбрахІиман Далла, цуьнца тешаме а, дика а волу. Цо валийна со сан элан доьзалера йолчу йоІана тІе».
28
Сихха дІа а яхана, Ребикхас шен цІахь болчаьрга дийцира хиллачух лаьцна.
29
Ребикхин Лабан цІе йолуш ваша вара. ЙоьІан дешнаш а хезна, цуьнан карахь чІуг а, ши хІоз а гина, араиккхина, шовда долчу дІахьаьдира иза. И стаг шен эмкалшна уллохь гІу йолчохь лаьтташ вара.
30
Ребикхин Лабан цІе йолуш ваша вара. ЙоьІан дешнаш а хезна, цуьнан карахь чІуг а, ши хІоз а гина, араиккхина, шовда долчу дІахьаьдира иза. И стаг шен эмкалшна уллохь гІу йолчохь лаьтташ вара.
31
Лабана элира: «Марша вогІийла тхо долчу, Везачу Эло декъалвинарг! Хьо хІунда лаьтта кхузахь, арахь? Ас хьуна чоь а, хьан эмкалшна меттиг а кечйина».
32
ИбрахІиман ялхо цІа чу велира. Лабана гІо дира цунна эмкалш дІаІалашъеш, царна ча а, баа хІоъ а белира. Ялхочунна а, цуьнца болчу нахана а когаш била хи а делира цо.
33
Цул тІаьхьа Лабана царна яа хІума елира, амма ялхочо ца йиира: «Ас юур яц айса деанарг дІадийццалц», – аьлла. «Дийцахьа», – элира Лабана.
34
«Со ИбрахІиман ялхо ву, – элира ялхочо. –
35
Везачу Эло массо а хІуманна тІехь декъалвина ву сан эла, цундела иза хьалдолу стаг а хилла дІахІоьттина. Везачу Эло ИбрахІимна дуккха а жа а, бежанаш а, деши а, дети а, ялхой а, гІарбашаш а, эмкалш а, варраш а елла.
36
Сан элан зудчо Сарата, ханна йоккха йоллушехь, кІант вира. Шен долахь мел дерг оцу кІантана дІаделла сан эло.
37
Цо соьга чІагІо яйтира: „Сан кІанте канаІанхо ма ялаяйталахь. Суна ца лаьа цо канаІанхочун йоІ яло, вай царна юккъехь Іаш делахь а.
38
ЧІагІо е суна, сан ден махка, сан доьзална тІе а вахана, сан кІантана айхьа зуда хоржур ю алий“.
39
Ас элира цуьнга: „Цу зудчунна соьца схьаян ца лаа а мега“, – аьлла.
40
Амма эло соьга элира: „Со Шена хьалха лелачу Везачу Эло Шен малик доуьйтур ду хьан аьтто бан, тІаккха сан кІантана сан ден гергарчу нахана юкъара зуда карор ю хьуна.
41
Сан ден гергара нах болчу хьо веача, сан кІантана зуда яла уьш реза ца хилахь, айхьа йинчу чІагІонах паргІат а хир ву хьо“.
42
Тахана цу шовданна тІе а веана, ас элира: „Веза Эла, сан элан ИбрахІиман Дела, ас арабаьккхина некъ кхочушхилийтахьара Ахь.
43
Со, шовданна улло а хІоьттина, лаьттар ву. Хи дан йоІ еача, ас эр ду: ‘Соьга хьайн кхаби чуьра хи малийтахьа’, – аьлла.
44
Соьга: ‘Мала ахь, ас хьан эмкалшна а лур ду хи’, – аьлла, жоп делла йоІ Везачу Эло сан элан кІантана хаьржина зуда хилийталахь“.
45
Со доІа дина валале шовданна тІе хи дан еара Ребикха. Цуьнан белша тІехь кхаба яра. Цо, шовда долчу чу а йоьссина, хи схьаийцира. Ас цуьнга хи дийхира.
46
Сиха, кхаба охьа а яьккхина, цо суна хи делира, юха элира: „Мала ахь, ас хьан эмкалшна а лур ду хи“. Ас хи мелира, цо сан эмкалшна а малийра хи.
47
Ас цуьнга хаьттира: „Хьо хьенан ю?“ Цо жоп делира: „Малкас Нахьирна винчу Бетаалан йоІ ю со“. ТІаккха ас цунна мерах чІуг а оьллира, пхьаьрсаш тІе ши хІоз а боьллира.
48
Юха, корта охьа а таІийна, Везачу Элана, сайн элан ИбрахІиман Далла, хастам бира ас. Цо нийсачу новкъа кхуза схьавалийна со, сан элан вешин кІентан йоІ сан элан кІантана ялорхьама.
49
Ткъа хІинца алийша соьга, сан элах къинхетам а бина, цуьнца нийсо а лелийна, шайн йоІ схьаяла реза хир дуй шу? Алийша, суна дан дезарг хаийтархьама».
50
ТІаккха Лабана а, Бетаала а элира: «Тхуна го и гІуллакх Везачу Элера хилар, цундела оха хІун эр ду цунна дуьхьал?
51
ХІара Ребикха ю хьуна, иза, схьа а эций, дІайига. Хьан элан кІанте маре гІор иза, Везачу Элана лууш ма-хиллара».
52
И дешнаш хезча, ИбрахІиман ялхо лаьтта охьакхаччалц Везачу Элана охьатаьІира.
53
Цо Ребикхина ша деана совгІаташ: хаза духарш, дашо а, дато а хІуманаш дІаелира. Иштта цуьнан нанна а, вешина а совгІаташ делира.
54
Цул тІаьхьа ялхо а, цуьнца болу нах а дууш а, молуш а Іийна, цигахь буьйса йоккхуш севцира. ШолгІачу дийнахь Іуьйранна хьалххе хьала а гІевттина, цара элира: «ХІинца тхайн эла волчу дІадаха деза тхо».
55
Ребикхин нанас а, вашас а элира: «Ребикха иттех дийнахь тхоьца йита, тІаккха дІагІор шу».
56
Амма ялхочо элира: «Со сеца ма вейша. Везачу Элана сан некъ кхочушхила лиъна, сайн эла волчу дІавахийтийша со».
57
Цара элира: «Ребикхе схьа а кхайкхина, цунна хІун лаьа хоттур вай».
58
Ребикхе, схьа а кхайкхина, хаьттира цара: «Хьуна хІокху стагаца хІинцца дІаяха лаьий?» «ХІаъ, лаьа», – аьлла, жоп делира цо.
59
Цара ИбрахІиман ялхочуьнца а, цуьнан нахаца а дІаяха пурба делира шайн йишина Ребикхина. Цуьнца цхьаьна иза кхаьбна йолу ялхо а яхара.
60
Ребикха дІайоьдуш цуьнга элира: «Тхан йиша, эзарнаш а, эзарнаш а адамаш схьадовлийла хьох, хьан тІаьхьенаша шайн мостагІийн гІаланаш схьайохийла!»
61
Ребикха а, цуьнан ялхой а, эмкалш тІе а хевшина, ИбрахІиман ялхочунна тІаьхьа дІабахара. Ребикха схьа а эцна, юханехьа новкъавелира ялхо.
62
Цу хенахь Беар-лахьай-рои цІе йолчу меттера дІа а вахана, НегІабехь Іаш вара Исхьакх.
63
Цкъа сарахь, ойла а еш, волавала аравелира Исхьакх. Корта хьалаайича, цунна геннахь йогІу эмкалш гира.
64
ДІахьаьжча, Исхьакх а гина, эмкал тІера чуиккхира Ребикха.
65
Цо ялхочуьнга хаьттира: «Аренгахула вайна дуьхьалвогІу жима стаг мила ву?» «Иза сан элан кІант ву», – жоп делира ялхочо. Ребикхас, шен кортали схьа а эцна, юьхь къайлаяьккхира.
66
Ялхочо дерриге а ша диначух лаьцна Исхьакхана дийцира.
67
Исхьакха шен ненан четар кІел дІайигира Ребикха. Цунах Исхьакхан зуда хилира. Исхьакхана иза чІогІа езаелира, шен еллачу ненах болу сингаттам а байбелира цунна.
← Предыдущая
Бытие
Следующая →
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
Выбор основного перевода
Синодальный
Современный
Перевод РБО. Радостная Весть
Юбилейное издание (Свет на Востоке)
Перевод свящ. Леонида Лутковского
Церковнославянский перевод
Аварский (магӀарул мацӀ)
Азербайджанский (Azärbaycanca)
Башкирский (башҡорт теле)
Беларускі пераклад
Грузинский (ქართული ენა)
Казахский (қазақ тілі)
Кумыкский (къумукъ тил)
Осетинский (ирон æвзаг)
Таджикский (тоҷикӣ)
Татарский (татарча)
Туркменский (Türkmençe)
Узбекский (ўзбекча)
Український переклад І. Огієнка
Чеченский (нохчийн мотт)
Чувашский (чӑвашла)
American Standard
Biblia Tysiąclecia
Deutsche Luther
Ελληνική μετάφραση
King James
Română traducere
Tradução português
Traducción al español
Traduction française
Traduzione italiana
Türkçe çeviri
中文 汉译
Новый русский перевод МБО