11
И гІутакх левихошкахула паччахьан гІуллакх деш болчарна тІекхоьхьура. ТІаккха, цу чохь ахча дуккха а гулделла гича, паччахьан йозанчо а, коьрта динан ден векало а, схьа а вогІий, и ахча дІаоьцура. Ткъа гІутакх, дІа а хьой, шен метте охьадуьллура. И къепе цара хІора дийнахь кхочуш а деш, дуккха а ахча гулдора.