Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Іийсас цаьрга элира: «Ма кхералаш. Яха а гІой, Сан вежаршка Галилай-махка гІо ала. Цигахь гур ву царна Со». Зударий мурдаш болчу дІабаханчу хенахь, масех волчу гІаролхочо, гІала схьа а веана, динан коьртачу дайшка дерриг а хилларг дІадийцира. Къанойх дІа а кхетта, цаьрца барт а бина, динан коьртачу дайша цу тІемалошна дуккха а ахча делира. Цара элира: «Аша массаьрга а ала деза: „Буьйсанна Цуьнан мурдаша, схьа а баьхкина, тхо дийшина долчу хенахь, Цуьнан дакъа, лачкъа а дина, дІадаьхьира“. И хаам мехкан куьйгалхочунна дІахаахь, оха цуьнца барт бийр бу шуна таІзар ца дайта». Ахча схьа а эцна, цара, шайна ма-хьеххара, нахе дІадийцира. И хаам жуьгташна юкъахь дІасабаьржира. Таханлерчу дийне кхаччалц схьадогІуш а ду иза. Іийсас тІе-ма-диллара, Галилай-махкарчу лам тІе дІавахара цхьайтта мурд. Иза шайна гича, уьш Цунна хьалха охьатаьІира, амма цхьаццаберш шекбевлира. Іийсас, тІе а веана, цаьрга элира: «Стигалшкахь а, кху дуьнен чохь а мел йолу бакъо Сан кара схьаелла. Иштта, даха а гІой, Ден, КІентан, Делан Синан цІарах массо а халкъаш хих чекхдаха, Аса шайна тІедиллинарг дерриг а лардар а хьоьхуш. Ткъа Со массо а хенахь шуьца хир ву, дуьненан чаккхе тІекхаччалц». Юха Іийсас, лам тІе хьала а ваьлла, мурдашна юкъара Шена оьшурш тІекхайкхира. Уьш Цунна тІе баьхкира. Царна юкъара Іийсас шийтта мурд схьакъастийра (царах Цо векалш элира), уьш Шена юххехь хилийтархьама а, цаьрга хьехамаш байтархьама а, адамашна чуьра жинаш арадаха церан олалла хилийтархьама а. Цул тІаьхьа Іийсас Шен мурдашна юкъара кхин а кхузткъе шийтта стаг хаьржира. Шел хьалха шишша цхьаьна Ша ваха везачу гІаланашка а, ярташка а дІахьовсийра Цо уьш.
Выбор основного перевода