Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Декъала хир ду шун ялтин тускарш а, декъала хир ду текхаш а. ЭлишаІана тІе БаІал-Шалшера цхьа хьенех веара. Цо Делан стагана шен дуьххьарлерчу ялтин дакъа деанера. Цуьнан тІоьрмаг чохь ткъех мекхан бепиг а, керлачу кІен кенаш а дара. «Уьш нахана дІа а лой, даийта цаьрга», – элира ЭлишаІа. Цуьнан ялхочо элира: «БІе стагана муха лур ю аса хІара?» Амма ЭлишаІа жоп делира: «ДІало ахьа адамашна и рицкъа. Даийта цаьрга и бепиг. Везачу Эло иштта боху: „Уьш юучух бузур а бу, церан кхин а юьсур а ю“». ТІаккха ялхочо и юург пайхамарийн тобанна хьалха охьайиллира. Уьш, Везачу Эло ма-аллара, шаьш юучух буза а буьзира, церан кхин а йиса а йисира. Наха шаьш буззалц хІума йиира. Дисинчу дакъоша ворхІ тускар дуьзира. Ткъа Цунна, вайна чохь болх беш болчу ницкъаца вай мел доьхуш долчул а, я вайн дагахь мел долчул а дуккха а алсам далуш Волчунна,
Выбор основного перевода