Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Дерриш а кертана гонахара бІогІамаш детих йинчу дІатосургашца вовшахтесна хила деза. Царна тІера мІерий детих дина хила деза, ткъа церан баххаш цІастанах бина хила беза. ТІаккха Мика-ЯхІу-пайхамаро элира: «Суна хьалха Делера сурт хІоьтти, массо а исраилхой, шайна тІехь Іу воцу уьстагІий санна, лаьмнашкахула дІасабаьржина. ТІаккха Везачу Эло элира: „Вац царна тІехь хьаькам, уьш хІорра а шен цІа маьрша вухавоьрзийла“». ТІаккха Мика-ЯхІу-пайхамаро элира: «Суна хьалха Делера сурт хІоьтти, берриг а исраилхой, шайна тІехь Іу воцу уьстагІий санна, лаьмнашкахула дІасабаьржина. ТІаккха Везачу Эло элира: „Вац царна тІехь хьаькам, уьш хІорра а шен цІа маьрша вухавоьрзийла“». Шайна тІехь Іу воцу дела, и уьстагІий дІасадаьржира, цул тІаьхьа уьш хІора экханан ижу хилла дІахІоьттира. ЦІуша зулам дуьйцу, пал туьйсучарна харцдерг а го, цара эрна гІенаш а дуьйцу, даьссачух синтем а бо. Цу бахьанина нах, уьстагІий санна, тилабелла лела. Царна гІело а йо, царна тІехь Іу воцу дела. Адамийн тоба Шена гуш, Цунна нахах къахетара. Уьш чІогІа гІайгІане а, дуьненах дог диллина, Іу воцу бажа санна, лелаш бара. Цо Шен мурдашка олура: «Хьовсал, мел дукха адам кийча ду Делан Олалла тІелаца. Уьш кхиъна доккха ялта санна бу, амма и ялта чудерзо белхалой кІезиг бу. Ялта долчу Дега деха, иза чуэца кхин а белхалой бахкийта алий». «Суна къахета оцу нахах, хІунда аьлча кхо де а ду уьш Соьца болу, ткъа царна яа хІума яц.
Выбор основного перевода