Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Ша паччахьалла дечу кхозлагІчу шарахь Ахьаш-Варуша шен массо а элашний, шена уллохь гІуллакх деш болчарний лерина той хІоттийра. Парсихойн а, мадайхойн а эскарийн хьаькамаш а, паччахьан цІийнах схьабевлларш а, цуьнан олаллина кІел йолчу меттигийн куьйгалхой а бара цу тойнехь. Паччахьо Эсиратан сийнна доккха той хІоттийра, цига массо а элий а, баьччанаш а кхойкхуш. Массо а шен пачхьалкхан меттигашна цо цхьа деза де дІахІоттийра. Ша комаьрша паччахь хиларе терра, цо дукхахболчарна совгІаташ дахьийтира.
Выбор основного перевода