Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цул тІаьхьа ЦІадукъ-ЯхІу-паччахьо, цунна тІаьхьа нах а бахийтина, иза схьавалавайтира. Шен паччахьан цІахь паччахьо цуьнга къайлаха хаттар дира: «Везачу Элера хаам хиллий?» Ярми-ЯхІус жоп делира: «Хилла. Хьо Бавелан паччахьан кара дІалур ву», – аьлла. Важа буьртигаш, жагІа а болуш, латта кІеззиг долчу метте охьаэгна дара. Цу буьртигаша сихха зІийдигаш тесна, хІунда аьлча цигахь латта кІезиг дара. ТІулгийн жагІанна юккъе доьжна долчу хІуьнан маьІна, хІора дашах а тешаш, иза цу сохьта хазахетарца тІеоьцуш волу стаг ву. Амма нагахь: „Адамашкара яра“, – алахь, нахера кхерам бу вайна, хІунда аьлча Яхьъя цара пайхамар лоруш ву». Амма нагахь: „Адамашкара яра“, – алахь...» (Уьш халкъах ца хІуттура, хІунда аьлча массарна а Яхьъя билггала пайхамар хетара.) Масех де даьлча, жуьгти йолчу, шен зудчуьнца Дурсалица веанчу Пелакъа, ПахІале схьа а кхайкхийтина, Дала леррина къобалвинчу Іийсах долчу тешарх лаьцна цуьнга дийцийтира. ПахІала бакъдолчух а, юхаозаваларх а, хин йолчу Делан кхелах а лаьцна дийцича, Пелакъа, кхера а велла, элира: «ХІинца дІагІо, юхахула ас схьакхойкхур ву хьо». Харцдерг лелочара кхидІа а леладойла изза. Боьха лаамаш кхочушбийраш кхин а бехлойла. Делан лаамехь берш кхидІа а лелийла бакъонца. Далла гергахь цІена берш кхидІа а цІена лелийла».
Выбор основного перевода