Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Дуьненан йисте кхаччалц Цо тІемаш а совцабо, секхаІад а дохадо, гоьмукъ а кагбо, Цо турсаш а цІергахь дагадо. Массо а ницкъийн Веза Эла вайца ву. Якъубан Дела вай лардаран гІап ю. Цо дарц тап-аьлла дІасацийра, тулгІенийн гІовгІа а дІаелира. Ткъа Цо элира: «Стенах кхоьру шу, Делах кІезиг тешарш?» Хьала а гІаьттина, Цо мохе а, тулгІенашка а омра дира. Цу сахьтехь, цхьа а гІар-тата доцуш, тийналла дІахІоьттира. ТІаккха Іийсас, хьала а гІаьттина, мохе омра а дина, хине элира: «ЛагІло! ДІате! Сацийта!» Мох сецира, цхьа а гІар-тата доцуш, тийналла дІахІоьттира. Цундела уьш, нахах дІа а къаьстина, хинкеман тІехь цхьа а воцучу яьссачу метте бевлира.
Выбор основного перевода