Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Іуьйранна, сатасале, цІера ара а ваьлла, цхьа а адам доцучу метте вахара Іийса. Цигахь Цо доІа дира. Ткъа Іийса кест-кеста адам доцучу метте дІа а воьдий, Деле доІанаш деш Іара. Ишттачу цхьана дийнахь лам тІе хьалавелира Іийса Деле доІа дан. Ерриг буьйса яьккхира Цо Деле доІанаш деш. Цул тІаьхьа, ворхІ-бархІ де даьлча, Шеца Кипа а, Яхьъя а, Якъуб а эцна, Іийса доІа дан лам тІе хьалавелира. Хьаьнга ялур ю царна кхел? Цхьаьнгге а! Дала леррина къобалвина Іийса вайн метта велла-кх. Цул сов, Дала ден а вина, Цунна юххехь аьтту агІор а хиъна, вайна тІера Деле доьхуш ву Иза.
Выбор основного перевода