Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Ша хийисте хьалаваьлча, Іийсана адамийн йоккха тоба гира. Царах къа а хетта, цо царна юккъера цомгуш берш тобира. Цигахь башха тамашийна хІума ца даделира Іийсага, цхьаццаболчу цомгушчу нахана тІе куьйгаш а дехкина, уьш тобар бен. Іийсас вахийтина кхузткъе шийтта мурд юхавеара, самукъадаьлла, воккхавеш. «Эла, – бохура цара, – жинаша а оха бохург до, Хьан бакъонан цІарах оха омра дича». Шух цхьаъ цомгуш велахь, цо Іийсах тешачийн тобанан куьйгалхой кхайкха беза. Цара доІа дан деза цунна тІехь, Везачу Элан дуьхьа цомгушчунна деза даьтта а хьокхуш. Тешаран доІано цомгушниг товийр ву, Везачу Эло иза когаш тІе хІоттор ву. Нагахь цо къинош летийнехь, цунна гечдийр ду.
Выбор основного перевода