Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Іийса берриг Галилай-махкахула волавелира. Цо нехан гуламан цІеношкахь Іамадора, Стигалийн Олаллех хаза кхаъ кхайкхабора, нах массо а цамгарех тобора. Іийса и дешнаш аьлла ваьлча, адамаш Цуьнан хьекъалх чІогІа цецдевллера, Уьш Къапарнаме дІабуьйлабелира. Шоьтан де тІе ма деъана, Іийсас гуламан цІа чу а вахана, адамашна хьехамаш бира. Чохь берш чІогІа цецбевлла, вовшашка хетта буьйлабелира: «И хІун керла хьехам бу? Ур-атталла жинашна тІехь а олалла до Цо, ткъа вукхара Цуьнан омре ладугІу». ТІаккха цара хоьттура вовшашка: «Вайна девзаш долчу оцу ден-ненан, оцу Юсупан кІант Іийса вац Иза? Ткъа хІинца Цо и муха олу те: „Со стигалшкара веана“?» Динан куьйгалхой цецбуьйлура: «Иза цхьанхьа а доьшуш ма ца гора, оццул хІума муха хаьа Цунна?» – бохуш. Инзарбевлла, цара хоьттура вовшашка: «И адамаш массо а галилайхой дац? Вайна хІоранна а муха хеза, цара вайн ненан мотт буьйцуш? Вайна юкъахь бу парпанхой а, мадайхой а, Іейламхой а, Месопатамера бахархой а, ЯхІуд-махкара а, Каппадокера а, Понтера а, Асиара а, Пхьаргера а, Пампилара а, Мисарара а, Ливин Къурина-гІалин йистера адамаш а, римхой а, (жуьгтий а, жуьгтийн дин керла тІеэцнарш а), Крит-гІайренан бахархой а, Іаьрбихой а. Ткъа вайна массарна а хеза вешан меттанашкахь цара Делан сийлахьчу гІуллакхех лаьцна дуьйцуш!»
Выбор основного перевода