Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цигахь, шийтта шарахь цІий ца соцуш, цомгуш йолу зуда яра. Іийсана тІехьахула тІе а еана, Цуьнан бедарх кхозуш йолчу чечакхах дІахьакхаелира иза. Дукхахболчу баьхкинчарна дарба дира Цо, цундела массо а цомгушнаш Іийсана юххе гІертара, Цунах куьг Іотта гІерташ. ХІора а Іийсах куьг Іотта гІерташ вара, хІунда аьлча Кхунах схьаболучу ницкъо царна дарба дора. ТІехьашхула тІе а еана, Іийсан бедарх кхозучу чечакхах куьг Іоьттира цо, оцу сохьта цуьнан дІаоьху цІий сецира. Наха шайн цомгуш берш маьнгешна а, гоьнашна а тІехь урамашка арабохура, тІехволучу Кипин ІиндагІ мукъана а царна тІедожийта. Дала ПахІалан куьйгашца инзаре хІуманаш дора. Цо куьг тоьхна йовлакхаш а, хьалха ухкурш а дІа а кхоьхьуш, цомгуш болчу нахана тІейохкура. Цу нахана дарба хуьлура, ткъа жинаш долчарна чуьра уьш арадовлура.
Выбор основного перевода