Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цо и къамел дечу хенахь Іийсана тІевеара гуламан цІийнан куьйгалхо. Цунна хьалха гора а хІоьттина, цо элира: «Сан йоІ хІинцца дІаяьлла. Хьо ван а веана, Ахьа цунна тІе куьйгаш дехкича, иза денлур яра». Ша хийисте хьалаваьлча, Іийсана адамийн йоккха тоба гира. Царах къа а хетта, цо царна юккъера цомгуш берш тобира. чІогІа дехар дан хІоьттира: «Сан йоІ леш ю. Доьху Хьоьга, ван а волий, цунна тІе куьйгаш а дахкий, то а яй, дийна йисийтахьа иза», – бохуш. Дуккха а нахана чуьра жинаш ара а дохуш, дуккха а цомгушчарна зайтдаьтта а хьокхуш, уьш тобира цара. Къора а волуш, лер доьхна а волу стаг Іийсана тІе а валийна, цара дехарш дира, цунна тІе куьйгаш дахкахьара аьлла. Іийсас и стаг, куьг а лаьцна, юьртах араваьккхира. ТІаккха цуьнан бІаьргаш тІе туй а хьаькхна, стагана тІе Шен куьйгаш а дехкина, хаьттира: «ХІумма а гой хьуна?» – аьлла. ТІаккха Іийсас Шен куьйгаш стеган бІаьргашна тІе дехкира, вукхо бІаьргаш шуьйра дІабиллира, цунна бІаьрса а деъна, юха а дика ган а гуш, дІахІоьттира иза. Іийсас жоп делира цунна: «Дан лур делахь?! – Дерриге а далур ду Делах тешаш волчунна». Сарахь, малх чубузучу хенахь, цомгуш болу массо а нах балийра Іийсана тІе. Царна хІоранна тІе куьйгаш а дохкуш, дарба дира Цо. Цо куьйгаш лецира зудчунна тІехула. Важа оцу сохьта хьаланисъелира, тІаккха Далла хастамаш бан хІоьттира. Ва Ярушалайм! Пайхамарш бойу ахь, хьайна тІебахкийтиначарна тІулгаш детта ахь. Мел чІогІа лиънера-кх Суна хьан бераш гулдан, олхазаро шен кІорнеш тІома кІел гул ма-ярра, амма хьуна ца лии иза. Цунна сурт хІоьттина, Хьанас цІе йолчу стага, ван а веана, шен бІаьргаш тІе куьйгаш дохкуш, шен бІаьрса схьадаийта». Хьанас, дІа а вахана, шега аьлла цІа схьа а карийна, цу чу вахара. Цо, Шаулан бІаьргаш тІе куьйгаш а дехкина, элира: «Ваша Шаул, хьо кхуза вогІуш, хьуна новкъахь гучуваьллачу Везачу Эло Іийсас ваийтина со, хьуна юха а са гайтархьама а, хьо Делан Синах вуьзна хилийтархьама а». Палабин да, дагар а деана, гай а лозуш, меттахь Іуьллуш вара. Цуьнга хьажа ваханчу ПахІала, доІа а дина, цомгушниг товира, тІе куьйгаш а дехкина. Хьайгахь долу Делан Синан похІма тергам боцуш ма дита. Делера хиллачу хаамца а, динан тобанан тхьамданаша куьйгаш тІедахкарца а хьуна делла ду иза.
Выбор основного перевода