Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
«ХІокху хІуманах лаьцна цхьаьнгге ма дийцалахь. Ваха а гІой, хьо динан дега а гайтий, тІаккха Далла лерина сагІина хІума ло, Муса-пайхамаро вайна тІе-ма-диллара. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха». Со бахьана долуш паччахьашний, элашний тІе а дуьгур ду шу. Царний, кхечу къаьмнех болчарний хьалха тоьшалла дан а дезар ду шун, шу Сан мурдаш болу дела. Яхьъя, схьа а лаьцна, чувоьллинчул тІаьхьа, хаза кхаъ кхайкхош, Іийса Галилай-махка вахара. Амма шу сема хилалаш, хІунда аьлча шу дІа а лоьцур ду, гуламан цІеношкахь еттар а ю шуна, куьйгалхошна а, паччахьашна а хьалха хІиттор а ду шу, Со бахьанехь шайна хьалха тоьшаллаш дайтархьама. Юха Іийсас элира цуьнга: «Кхунах лаций цхьаьнгге хІумма а ма дийцалахь. Ткъа хІинца ваха а гІой, хьо динан дега гайта. Муса-пайхамаро тІе-ма-диллара, Далла лерина сагІанаш даха. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха». „Шун гІалахь тхан мачаш тІе йиллина чан а шуна юха дІаегайо оха. Амма хаалаш, кху гІалара бахархой: Делан Олалла гергакхаьчна шуна!“ Цу гІалара бахархошна дуьхьал хиларан тоьшаллина шайн когаш тІера чан дІа а егийна, векалш Иконе бахара. Царна моьттура, я цуьнан куьг дестар ду, я иза цІеххьана велла охьавужур ву. Уьш бехха Іийра цуьнга хьоьжуш, амма ПахІална хІумма а ца хилира. ТІаккха шайн ойла хийцира цара, иза цхьа Дела ву аьлла.
Выбор основного перевода