Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Іийса Шен шийтта мурдана хьехамаш бина ваьлча, Иза цигара дІа а вахана, Галилай-махкарчу гІаланашкахула кхайкхам а беш, хьехам а беш волавелира. Цо олура: «Хан тІекхаьчна. Делан Олалла гергакхаьчна. Шайгара девллачу къиношна дохко а довлий, Далла тІе а дерзий, хазачу кхоах теша». Цуьнан дуьхьа массо а халкъашка, Ярушалайм тІера дІадуьйладелла, кхайкха деза, къиношна гечдайтархьама дохко а довлий, Далла тІедерза аьлла. Со кхайкхам бан волавелира цкъа хьалха Дамасакхехь а, Ярушалаймехь а, берриг а ЯхІуд-махкахь а, юха кхечу къаьмнийн нахана юкъахь, уьш дохко а бевлла, Далла тІе берзийтархьама, шайн гІуллакхашца дохкобовлар цаьрга гайтийтархьама.
Выбор основного перевода