Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Яхьъян мурдаша, схьа а даьккхина, цуьнан дакъа дІадоьллина, ткъа цул тІаьхьа, баха а бахана, Іийсага и дерриг дІадийцина цара. Юсупа, дакъа схьа а эцна, цІеначу кІади юккъе а хьарчийна, ша шена ломахь яьккхинчу керлачу къуббанна чу охьадиллира. Цунна дуьхьал боккха тІулг а карчийна, цу чу воьду меттиг дІа а къевлина, иза дІавахара. Пулат волчу а веана, Іийсан дакъа схьадийхира Юсупа. Цо дакъа, жІара тІера схьа а даьккхина, кІади юкъа а хьарчийна, ломах яьккхинчу къубба чу диллира. Цу къубба чу цхьа а дакъа диллаза дара. Цул тІаьхьа Рамат цІе йолчу гІалара а волуш, динан куьйгалхойх ша ца вахьарна, Іийсан къайлаха мурд а волуш волчу Юсупа Пулате дийхира, Іийсан дегІ жІара тІера схьадаккха шена бакъо ялар. Пулата и дан бакъо елира Юсупна. ТІаккха цо, вахана, и дегІ жІара тІера схьадаьккхира. Іийса жІарах дІатоьхначу меттигна юххехь беш яра. Цу бешахь яьккхина, шена чу хІинца а цхьа а виллаза къубба яра.
Выбор основного перевода