Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Декъала ву Сох шек воцург». Нахаца Іийсас къамел дечу хенахь Цуьнан наний, вежарий арахь лаьтташ хилла, Цуьнца къамел дан лууш. Іийса волчу Цуьнан наний, вежарий баьхкира. Уьш арахь севцира. Цара Іийса аракхайкхира, Иза цаьрца Назарте схьавеара. Цара бохург деш, царна муьтІахь вара Иза. Ткъа нанас дерриг а хилларг шен даг чохь латтадора. Іийса воккха хуьлуш а, хьекъалца совволуш а вара. Цунна Дела а, нах а реза бара. ТІаккха цара хоьттура вовшашка: «Вайна девзаш долчу оцу ден-ненан, оцу Юсупан кІант Іийса вац Иза? Ткъа хІинца Цо и муха олу те: „Со стигалшкара веана“?» Иштта, Цунах тешачу шуна Иза деза жовхІар ду, ткъа ца тешачарна: «ГІишлош еш пхьераша дІакхоьссина тІулг цІийнан сонан йистехь коьрта тІулг, хилла, дІахІоьттина». Кхин а: «Нах тасаболуьйтун болу тІулг бу иза, уьш охьаоьгун болу тарх а ю иза». Делан Дашна муьтІахь ца хиларна тийсало – иштта кхоллам бу церан. Мелхо а, Шен возалла дІа а тесна, лен васт тІе а эцна, адамах тар а велла, тІехьаьжна а адам хилла Иза. Іожаллина тІекхаччалц Далла муьтІахь а хилла, Ша лахара вира Цо. ЖІара тІехь Ша валлалц, муьтІахь висира Иза.
Выбор основного перевода