Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Ур-атталла хьан гергарчара, – хьан ден цІийнах болчара, – ур-атталла уьш хьуна ямарта хилла. Цара хьуна дуьхьал мохь бетта. Ма теша царах, уьш хьайга эсала бистхилахь а». ХІунда аьлча Іийсас Ша тоьшалла дира, пайхамарийн шаьш схьабаьллачу махкахь сий ца до аьлла. ХІунда аьлча Іийсан вежарий а бацара Цунах тешаш. Со Ярушалайме вухавеача, Делан цІийнан кертахь доІа дечу хенахь суна шовкъ еара: Суна Іийса гира. Цо соьга элира: „Сихло, Ярушалаймера аравала, хІунда аьлча кхузахь хьан Сох долу тоьшалла тІеоьцур дац“. Ас элира: „Веза Эла, цу нахана хаьа, со жуьгтийн гуламан цІеношкахула леллий, Хьох тешаш болу нах схьалоьцуш а, царна етташ а. Хьан теш хиллачу Тапин цІий Іеначу хенахь со цигахь лаьтташ вара, и гІуллакх къобал а деш, иза вуьш болчеран бедарш а ларъеш“. ТІаккха Цо элира соьга: „ДІавало, Аса генна вохуьйту хьо, кхечу къаьмнийн нах болчу“». И дешнаш аллалц ладугІуш хилла болу нах, уьш хезча, маьхьарий хьекха хІиттира: «Ве иза! Иза ваха хьакъ вац!» – бохуш. Цара маьхьарий а хьоькхуш, тІера хІуманаш охьа а кхуьйсуш, оьгІазбахана хІаваэ чан кхуьйсучу хенахь,
Выбор основного перевода