Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цунна гира цхьа а цахилар, Иза цецвелира гІо доккхуш цхьа а цахиларх. Цуьнан Шен куьйго болх бира уьш кІелхьарбохуш, Цуьнан нийсоно гІо дора Цунна. Іийсана и къамел хезча, Цо цецваларца Шена тІаьхьахІоьттинчаьрга элира: «Ас билггал боху шуьга, цу тайпана Делах тешар Суна исраилхошна юкъахь а ца карийна. Кхин цхьаъ эр ду Аса шуьга: дукхахболчара малхбалерий, малхбузерий схьа а баьхкина, цу тойнехь Стигалийн Олаллехь ИбрахІимний, Исхьакхний, Якъубний уллохь меттиг дІалоцур ю. Дала Шен Олалле кхача лиънарш Іаьржачу бодане арабаьхна хир бу. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду». Іийса массо а гІаланашкахула, ярташкахула чекхволура. Цо нехан гуламан цІеношкахь Іамадора, Стигалийн Олаллех хаза кхаъ кхайкхабора, нах массо а цамгарех тобора.
Выбор основного перевода