Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
ХІинца а ца кхетта шу цунах? Дагадаийтийша шайна тохарлера пхи бепиг, пхи эзар стагана вуззалц даъал хилла долу. Цул тІаьхьа шаьш дуьзна долу тускар маса хилла а дагадаийта. Ткъа Іийсас жоп делира: «Шу а ду те иштта ца кхеташ? Шуна ца го, адамо дууш долчу цхьанна а хІумано, Далла гергахь бехван йиш йоцийла? Цара стенах лаьцна дуьйцу хууш волчу Іийсас элира цаьрга: «Стенна дуьйцу аша, шайгахь бепиг дац бохуш? ХІинца а ца го те шуна, кхета а ца кхета те шу? Дегнаш оццул шагделла те шун?
Выбор основного перевода