Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Массо а халкъаша эр ду: „ХІун бахьана ду те Везачу Эло оцу лаьттана иза дар? Цуьнан дераллах иштта чІогІа цІе хІунда яьлла?“ Цунна долу жоп иштта хир ду: „Шун дайн Везачу Дала Мисар-махкара шу арадаьхча, шайца бина барт дІа а тесна, Ткъа оцу дезачу цІийнах лаьцна, иза сийлахь делахь а, чекх мел волучо инзарваларца а, веларца а хаттар дийр ду: „И хІунда дина те Везачу Эло оцу махкана а, оцу Шен цІенна а?“ ТІаккха, царна жоп луш, наха эр ду: „Мисар-махкара шайн дай арабаьхна волу шайн Веза Дела а витина, уьш кхечу деланашна тІаьхьа а бевлла, царна Іамал а еш, Іибадат дан болабаларна дина царна иза. Цундела Везачу Эло баийтина царна тІе и берриг бохам“». Нагахь санна хьайга хІун бахьана долуш до Везачу Эло тхуна и зенаш аьлла хаттахь, цаьрга жоп ло: „Шайн махкахь, Со дІа а теттина, кхечу деланашна аша гІуллакх даре терра, хІинца шайн боцучу махкахь а болуш, хийрачу нахана гІуллакхаш дийр ду аша“». «Ярми-ЯхІу, ахьа яхІудхошка хІара дІадийцича, цара хьайга: „ХІунда хІоттийна тхоьга Везачу Эло хІара боккха бала, тхоьгара хІун даьлла, Везачу Элана хьалха хІун къинош летийна оха?“ аьлла, хаттахь,
Выбор основного перевода