Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІу-Яхинан берхІитта шо кхаьчнера, иза паччахь дІахІуттуш. Ярушалайм-гІалахь Іаш а волуш, цо кхаа баттахь олалла дира. ЯхІу-Яхинан ненан цІе Нахьушат яра. Иза Ярушалаймерчу Эли-Натин йоІ яра. ЯхІудхойн паччахь волу ЯхІу-Яхин а, цуьнан нана а, цуьнан ялхой а, цуьнан тІеман хьаькамаш а, цуьнан кертара хьаькамаш а шаьш Набухди-Нецаран кара бахара. Иштта, Бавел-махкарчу Набухди-Нецар-паччахьо олалла ден борхІалгІа шо долуш, цо ЯхІу-Яхина йийсар дира. Керла шо долалуш, Набухди-Нецар-паччахьо геланчаш бахийтира, ЯхІу-Яхин дІа а лаций, цуьнца цхьаьна Везачу Элан цІа чуьра еза пхьегІаш а яхьаш, иза Бавел-гІала дІавалаве аьлла, омра а дина. ЯхІуд-махкахь а, Ярушалаймехь а паччахь вина дІахІоттийра цо ЯхІу-Яхин гергара волу ЦІадукъ-ЯхІу.
Выбор основного перевода