Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Юши-ЯхІун ялхоша цуьнан дакъа, Ярушалайм-гІала а деана, шен къубба чохь дІадоьллира. ЯхІуд-мехкан халкъо Юши-ЯхІун кІант ЯхІу-Ахьаз, къобал а вина, шен ден метта паччахь вина дІахІоттийра. ТІаккха Наху-пирІуно Юши-ЯхІу-паччахьан Элъякъим цІе йолу кхин кІант хІоттийра, шен ден метта паччахь вина. Наху-пирІуно Элъякъиман цІе хийцира, цунах ЯхІу-Якхам аьлла. Ткъа ЯхІу-Ахьаз пирІуно Мисар-махка дІавигира, иза цигахь дІа а кхелхира. Халкъашна цунах лаьцна хезира, тІаккха цара иза ор чу а эккхийтина, цунах чІагарш чекх а яьхна, Мисар-махка дІайигира.
Выбор основного перевода