Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма хьан къубба яц, пайденна доцу га санна, аракхоьссина ву хьо. Хьо байинчеран декъех кхелина ву, туьро Іоьттинчарна а, Іинан тІулгашка охьадиссинчарна а юкъахь Іуьллуш ву хьо. Ткъа хьан дакъа хьоьшуш ду. Оцу нехан даьІахкаш дІасаяржийна хир ю малхана а, беттасинна а, стигалан седарчашна а кІелахь. Стигалара и хІуманаш хІокху нахана езара, царна хІокху наха гІуллакх а дора, уьш царна тІаьхьа а лелара, царах уьш дагадовлура, царна Іибадат а дора. Цхьаммо а юха схьагулйийр яц и даьІахкаш, уьш цхьаммо а дІа а юхкур яц. Уьш, лаьттахь Іуьллуш долу кхо санна, цигахь Іохкур ю. Цундела иштта боху Везачу Эло ЯхІу-Якхамах лаьцна: ‘Цуьнан тІаьхьенах цхьаммо а, Даудан тІаьхьенах волчо санна, паччахьалла дийр дац. Цуьнан дакъа дийнахь хуьлучу йовхоне а, буьйсанна хуьлучу шелоне а охьакхуссур ду.
Выбор основного перевода