Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Велларг санна, нехан дегнаша вицвина со. Йоьхна пхьегІа санна ву со. Везачу Эло соьга элира: «Муса-пайхамар а, Шамъал-пайхамар а ЯхІудан халкъан дуьхьа Суна хьалха дехарш деш хилча а, Аса цу халкъах къинхетам бийр бацара. ДІалахкахьа Со волчуьра и нах, дІабахийтахьа уьш. Аса уьш, мостагІийн лолле дІа а белла, шайна бевзаш боцучу махка дІабохуьйтур бу. Сан дералло цІе латор ю, ткъа оцу цІеро уьш дІакхоллур бу». Аса шу, мостагІийн лолле дІа а делла, шайна бевзаш боцучу махка дІадохуьйтур ду, хІунда аьлча аша Сан оьгІазаллин цІе самаяьккхина. И цІе массо а ханна йогур йолуш ю». Муаби-махкарчу цІенойн хІора тхевнна тІехь а, цуьнан майданашкахь а лаьтташ белхар ду, хІунда аьлча Ас иза, ца оьшуш йолу пхьегІа санна, хІаллакбина, – боху Везачу Эло. – Исраилан халкъ дІакхаьллина яа хІума санна дІахІоьттира. Кхечу къаьмнашна юкъахь иза пайденна йоцу пхьегІа санна хилира.
Выбор основного перевода