Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш кхерабелла хир бу, чІогІачу лазарша дІалоцур бу уьш. Бер деш йолу зуда санна, хьийзар бу и нах. Йогучу яххьашца, цецбевлла, вовшашка хьоьжур бу уьш. Суна берах хьийзочу зудчун аз хезаш санна хета. И аз дуьххьара бер деш йолчу зудчун санна ду. Иза Цийонан йоІан аз санна ду. Са а лоцуш, куьйгаш хьала а дахийтина, цо боху: «Маржа-яІ! Сан са малделла дІадолу байа баьхкинчу нахана хьалха!». Ярушалайман бахархоша элира: «Царах лаьцна тхайга хаам кхаьчча, кхераделла, доьхна хьийзаш дара тхо. Берах хьийзош йолчу зудчуьнгахь санна, боккха бала бара тхоьгахь. ХІун эр ду ахьа, ахьа айхьа Іамийна болу бартхой Везачу Эло хьуна тІехь хьаькамалла дан дІахІиттийча? Цундела лоцур юй те хьо лазарша, берах хьийзош йолу зуда санна? Цо боху: «Аса сайна доккха цІа дийр ду, шена чохь паргІат чоьнаш а йолуш». Цо даккхий кораш а доху, пенаш баганан дечигца кечдо, царна цІен басар а хьокху.
Выбор основного перевода