Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цаьрга дІаала: „ЛадогІа Везачу Эло бохучуьнга, яхІудхойн паччахьаш а, Ярушалайман бахархой а! Шуьга массо а ницкъийн Веза Эла волчу Исраилан Дала боху: хІокху лаьтта тІе Аса боккха бохам кхочуьйтур бу. И хІума хезна волчу муьлххачу а стеган лере зов догІур ду. Ткъа аша, массо а Аса Ярушалаймера Бавеле дІабахийтинчу йийсархоша, Везачу Эло бохучуьнга ладогІа.
Выбор основного перевода