Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Дукха хан ю хьан дукъ ахь кагдина, тоххарехь хьан буржалш а хадийна. Ахьа бохура: „Хьуна муьтІахь хир вац со!“ Бакъду, муьлххачу а лекхачу гуна тІехь а, хІора луьста гаьннаш долчу диттана кІелахь а, кхахьпаллица кхечу деланашна Іибадат дора ахь. Тхо кегий долчу хенахь дуьйна эхьан харцдела волчу БаІала дІакхоллура тхан дайша мел гулдинарг – церан жаш а, бежанаш а, иштта церан кІентий а, зудабераш а. Тхайн эхь тІехь а долуш, охьадуьжийла тхо, тхан сийсазалла, шаршу санна, тхуна тІехь хуьлийла, хІунда аьлча оха а, тхан дайша а, кегий долчу хенахь дуьйна хІара хан тІекхаччалц, тхан Везачу Далла дуьхьал къинош летийра, Цо аьллачуьнга ла а ца дугІуш“». Амма хІара халкъ чІогІа аьрха халкъ ду. Уьш, дІа а бирзина, дІабахара. Мисар-махкара Аса шун дай арабаьхначу хенахь дуьйна, хІара де тІекхаччалц Аса шун дайшка юх-юха а дІахьедар дора: ‘ЛадогІа Соьга’, – бохуш. Амма шун дайша Соьга ла а ца дугІура, Со тергал а ца вора. Мелхо а, шайн вочу дегнийн аьрхалле хьаьжжина лелара уьш. Аса царна тІедиллина и барт кхочушбе аьлла, амма цара иза кхочуш ца дина. Цундела Аса массо а хІокху бертан таІзарш царна тІехьажийра“». ХІара вон халкъ Сан дешнашка ладогІарх дІакъаьхкина. Уьш, шайн аьрхачу дегнаша бохург а деш, кхечу деланашна тІаьхьахІутту, царна Іамал а еш, суждане а оьхуш. Цундела и къам хІокху доьхкарх терра хир ду – уьш цхьанна а хІуманна пайденна боцуш бина дІахІиттор бу. «Иштта боху массо а ницкъийн Веза Эла волчу Исраилан Дала: „Хьовсал, хІокху гІалина а, цунна гонах йолчу ярташна а Аса хьалха аьлла болу массо а бохамаш бийр бу, хІунда аьлча уьш бухахьа а бевлира, Сан дешнашка царна ладогІа а ца лиира“». Исраилан а, ЯхІудан а халкъаша, шаьш кегий долчу хенахь дуьйна, Суна вон хеташ долу гІуллакхаш дина. Цу халкъаша Со оьгІазвахийтина, шайн куьйгашца цара мел лелийнарг бахьана долуш, – боху Везачу Эло. –
Выбор основного перевода