Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Сайх дуй буу Ас, – боху Везачу Эло, – Сан дуьхьа хьайн цхьаъ бен воцу кІант ца кхоош, ахь иза дина, Хьан езачу гІаланех яьсса аре хилла. Цийонах яьсса аре хилла, Ярушалайм яссаелла. Цундела Шилун-гІалина динарг Аса хІинца Сан цІе лелош долчу хІокху цІенна а дийр ду, шу оцу цІийнах тешна Іаш доллушехь а, Аса хІара меттиг шун дайшна дІаеллехь а. Нагахь санна шу, шоьтан дийнахь Ярушалайман кевнаш чухула маххьаш чу а кхоьхьуш, и де Суна лерина а ца хуьлуьйтуш, аша Соьга ла ца догІахь, Аса Ярушалайман кевнашкахь цІе латор ю. Аса кху гІалахь мел йолу гІепаш ягийна дІайохур ю, ткъа цхьаннен а иза дІаяйа йиш хир яц’“». Дерриг а хІара латта яьсса, инзаре меттиг хилла дІахІуттур ду, ткъа кхузарчу къаьмнаша Бавелан паччахьан йийсарехь кхузткъе итт шо доккхур ду. Цаьрга ала: „Везачу Эло иштта боху: Аса шайна белла болчу товрат-хьехамца а лелаш, аша Соьга ладогІа деза! Шу иштта ца лелахь, тІаккха Аса хІокху Сан дезачу цІенна Шилун-гІалина диннарг дийр ду. ТІаккха дуьнен чохь долчу массо а халкъаша хІокху гІалин цІе яккхарца неІалташ бохур ду“». ХІунда бо ахьа Везачу Элан цІарах хаамаш, хІокху Везачу Элан цІенна Шилун-гІалина диннарг дийр ду, хІара Ярушалайм-гІала йохийна а, яссийна а дІахІоттор ю бохуш?» Массо а халкъ Везачу Элан цІийнан кертахь дІахІоьттира, Ярми-ЯхІуна дуьхьал а даьлла. Цундела Сан дералла а, оьгІазалла а охьаІанайира, ЯхІуд-махкара гІаланаш а, Ярушалайман урамаш а дагош. Иштта уьш дохийна дІадехира, ткъа уьш хІинца а дассаделла лаьтташ ду“. Аса Сайх чІагІо йо, – боху Везачу Эло, – Бацар-гІала йохийна хилла дІахІуттур ю аьлла. Цунах къемат а, кхардам а, яссийнарг а хир ю, ткъа наха, цуьнан цІе а йоккхуш, неІалташ эр ду. Цунна гонах мел йолу ярташ массо а ханна яссийна хир ю». Массо а ницкъийн Везачу Эло Шех чІагІо йина: «Бавел, Ас хьуна чу, цІоз санна, дукха адамаш хоьцур ду, хьуна тІехь толам баккхарна цара маьхьарий а хьоькхур ду». Ярушалайм, Ас хьох къапалг йийр ю. Гонах долчу кхечу къаьмнашна хьалха хьо юьхьІаьржачу хІуттур ю, ткъа хІора хьуна тІехволург хьох кхаьрдар ву. Ша-шех чІагІо йо Хьалдолчу Эло, массо а ницкъийн Везачу Дала иштта боху: «Суна ца еза Якъубан куралла, Со ца веша цуьнан исбаьхьачу гІишлойх, Ас гІала а, гІалахь мел дерг а дІалур ду мостагІашна». ХІинца билггала шун ЦІа Дала дІатесна ду. ИбрахІимна Ша ваІда дечу хенахь, Дала Шех дуй буура, Шел лакхара цхьа а воцу дела.
Выбор основного перевода