Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа хьуна, сан кІант Сулим, вовзийла хьайн ден Дела. Хьайн доллучу синца а, доггах а Далла гІуллакх де, хІунда аьлча Везачу Элана хаьа хІораннан а даг чохь дерг а, цуьнан ойланаш а евза Цунна. Нагахь ахьа Веза Эла лахахь, Цо Ша каравойтур ву хьуна. Амма Шегахьара Хьо дІаверзахь, Везачу Эло гуттаренна а дІатосур ву хьо. Сулиман назма. Ва Дела! Паччахьна Ахьа йийриг санна кхел ян Іамадехьа, ткъа паччахьалла дечунна Хьайн нийсо лохьа. Хьан адамашна тІехь нийса паччахьалла дойла Цо, ур-атталла гІело хьоьгучу Хьан нахана тІехь бакъдолу олалла дойла Цо. Лаьмнаша адамашна беркат дохьийла, гунаша царна нийсо йохьийла. Халкъана юкъара гІело хьоьгучарна цо нийсонца кхел а йойтийла, мискачун кІентий цо кІелхьар а бохийла, амма ницкъ бийраш цо дІа а совцабойла. ХІунда аьлча орца доккхуш волу мисканиг цо паргІатвоккхур ву, гІо лаца цхьа а воцу гІело хьоьгург а кІелхьарвоккхур ву. Иза гІийлачуьнца а, пекъарца а къинхетаме хир ву, цо мискачеран синош кІелхьардохур ду. Иштта, ахьа цаьргахьа дош а алалахь, царна тІехь нийса кхел а яйталахь. Къечеран а, мискачеран а бакъонаш ларъяр тІехь хьайн нийса дош алалахь». Амма дозалла дан лууш волчо Со шена кхетарх а, вовзарх а дозалла дойла. Лаьттахь безам а, бакъдерг а, нийсо а лелош волу Веза Эла Со хиларх цо дозалла дойла. И хІуманаш ду Суна чІогІа тамехь дерш», – боху Везачу Эло. ‘Нах лебарца аша са яккхарна а, иштта шайна юкъахь цІий Іенорна а, Аса сайн куьйгаш вовшахтоьхна. Шена Дела вевза а бохуш, парзаш лардеш воцург харцлуьйш а ву, цуьнца бакъдерг а дац.
Выбор основного перевода