Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла емал а веш, хьайн геланчашкахула ахьа бохура: ‹Сайн дуккха а йолчу гІудалкхашца ломан лакхенашка хьалаваьлла со, Ливанунан уггар лакхарчу регІа тІе. Цуьнан уггар а лекха баганан дитташ а, тоьлла долу зоьзан дитташ а хедийна аса. Цуьнан уггар а генарчу меттигашка а, хьаннашна юкъахь къаьсттина юькъа йолчу хьуьнах а кхаьчна со. ТаІзар дечу дийнахь, геннара бохам тІебеача, хІун дан дохку шу? Хьаьнга гІо доьхур ду аша? Шайн хьал мичахь дуьтур ду аша? Схьалецначу нахана юкъахь шу охьасеттар бен дац, байинчарна юкъа охьаоьгур бен дац. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгІазалла дІа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидІа а халкъана тІехула дІакховдийна ду, таІзар дархьама. «Къа ду Ашуран къоман. Иза Сан оьгІазаллин гІаж ю! Цуьнан карахь Сан бекхаман Іаса ю. Іесачу халкъана дуьхьал, Со оьгІазвахийтинчу къомана дуьхьал дохуьйту Аса ашурхойн халкъ, талор лело а, хІонс яккха а, исраилхой, новкъара хатт санна, хьеша а». Массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло доккхачу гІоранца дитташ тІера гаьннаш схьадохур ду, даккхийнаш дІахьокхур ду, лекханаш лаьтта эгор ду. Цо дагарца луьста хьун хьокхур ю, Нуьцкъалчун куьйгах Ливанунан хьаннаш оьгур ю. Айса дІакъастийначаьрга омра дина Аса, Сан дозаллех самукъадолуш болчу Сайн тІемалошка кхайкхира Со Сан бекхам кхочушбе аьлла. Веза Эла емал а веш, хьайн геланчашкахула ахьа бохура: ‹Сайн дуккха а йолчу гІудалкхашца ломан лакхенашка хьалаваьлла со, Ливанунан уггар лакхарчу регІа тІе. Цуьнан уггар а лекха баганан дитташ а, тоьлла долу зоьзан дитташ а хедийна аса. Цуьнан уггар а генарчу меттигашка а, къаьсттина юькъачу хьуьне а кхаьчна со. Байракхца хаам бе, Цийоне дІагІо алий! Хье ца луш, кхерам боцучу дІадовда, хІунда аьлча Аса къилбаседехьара доуьйту шу долчу хІаллакьхилар а, боккха бохам а. Лом шен боьлак чуьра арадаьлла, халкъ хІаллакдийриг шен некъ бан волавелла. Цо шен хІусам йитина, шун латта дассорхьама. Шун гІаланаш хІаллакйийр ю, царна чохь адамаш а хир дац. Цара эр ду: «ХьалагІовтта, дуьхьалдовла Ярушалаймана. Делкъахенахь тІамца цунна чугІуртур ду вай». Амма тІаккха эр ду: «Жолам! ХІинца тІаьхьа ду: суьйре тІееана, суьйренан ІиндагІаш дахлуш ду. Аша динчу гІуллакхе хьаьжжина таІзар а дийр ду шуна, – боху Везачу Эло. – Аса шун паччахьан цІахь цІе латор ю, цо гонах мел долу хІума дагор ду».
Выбор основного перевода