Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И бахьанехь хьо, синтемца дІа а кхелхина, хьайн дайшна тІевохуьйтур ву Аса, ткъа хьо хьайн къубби чу охьавуьллур ву. Хьан бІаьргашна гур бац Аса кху меттигна тІебоуьйтур болу и массо а бохамаш’“». Паччахьна тІедаьхьира и жоп. ГІудалкх чуьра схьа а ваьккхина, цуьнан долахь йолчу кхечу гІудалкхана чу виллира цара Юши-ЯхІу. Иза Ярушалайме дІавигира. Цигахь Юши-ЯхІу велира, иза шен дайн къуббанашкахь дІавоьллира. ЯхІуд-мехкан а, Ярушалайм-гІалин а дерриг а халкъо белхар хІоттийнера Юши-ЯхІуна. Ярми-ЯхІу-пайхамаро тийжамаш дІаязбира Юши-ЯхІуна лерина. Назманаш олучу наха а, зударша а тахханалц а долчу шайн тийжарийн назманашкахь Юши-ЯхІух лаьцна олу. И назманаш Исраил-махкахь ламасташ юкъа дахийтира. Уьш Тийжамийн тептарна юкъа яхийтина ю. Беллачарна боьлхуш болчу нахана цхьаммо а яа хІума а яхьар яц, церан догъэцархьама. Цхьаммо а кад кховдор бац цаьрга, шайн да я нана яларна церан догъэцархьама. Цундела Везачу Эло яхІудхойн паччахь волчу Юши-ЯхІун кІантах ЯхІу-Якхамах лаьцна иштта боху: «Цхьаммо а, цунна тийжаш, эр дац: „Маржа-яІ сан ваша! Маржа-яІ сан йиша!“ Цхьаммо а, цунна тийжаш, эр дац: „Маржа-яІ сан олахо! Маржа-яІ сан паччахь!“ Мисар-махкахь Іан цига дІабаханчу яхІудхойх дийна бисинчарах цхьа а кІелхьарвер а вац я дийна а вуьсур вац, ЯхІуд-махка юхаверзархьама. Шайн махка юхадерза шаьш сатуьйсуш делахь а, Іожаллех кІелхьарваьлла масех стаг воцург цхьа а цІа воьрзур вац“».
Выбор основного перевода