Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІевеана стаг ваца а ма ве, цунна ницкъ а ма бе, хІунда аьлча шу а дара Мисар-махкахь тІедаьхкина Іаш. Йисина Іачу зудчунна а, байшна а зе ма де. Нагахь ахь царна зе дахь, Соьга уьш кхайкхича, церан мохь Суна хезар ма бу. ОьгІазваханчу Аса туьраца дойур ду шу, тІаккха шун зударий бисина Іаш хир бу, шун бераш а байлахь дуьсур ду. ТІевеана стаг шайн махкахь ваха охьахаахь, цунна ницкъ ма бе. Халкъана юкъара гІело хьоьгучарна цо нийсонца кхел а йойтийла, мискачун кІентий цо кІелхьар а бохийла, амма ницкъ бийраш цо дІа а совцабойла. ГІийлачеран а, байн а бакъонаш ларъе, къенаш а, мисканаш а бехказабаха. Диканиг дан Іама, нийсо лелор лаха, гІело яр сацаде, вон гІуллакх нийсонца къастаде, йисина Іачу зудчун бакъонаш ларъе. Амма шайн дахар а, гІуллакхаш а нисдина, вовшашца нийсо а лелош, тІебаьхкина болчу нахана гІело а ца еш, байшна а, бисина Іаш болчу зударшна а гІело а ца еш, бехк боцучеран цІий а ца Іанош, шайна бала бахьар болчу харцделанашна тІаьхьа а ца хІуьттуш шу лелахь, Даудан тІаьхье! Везачу Эло иштта боху: хІора дийнахь кхел е, гІело хуьлуш верг цуьнан мостагІчух кІелхьар а воккхуш. Иза аша ца дахь, Сан дералла, цІе санна, летар ю, аша лелош долу вониг бахьана долуш. Сан оьгІазалла йогуш хир ю цхьаьнгге а дІаяйалур йоцучу тайпана. Амма аша со вехь, шу цхьана хІуманах кхетар ду: бехк боцучу стеган цІий шайх а, хІокху гІаланах а, цуьнан бахархойх а аша хьорчуьйту, хІунда аьлча со Везачу Эло ваийтина вара, аса шуьга аьлларг шун лергашна дІахазийта».
Выбор основного перевода