Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха ЯхІу-Якхам, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Ткъа цуьнан кІант ЯхІу-Яхин керла паччахь хилла дІахІоьттира шен ден метта. МухІар санна, со хьайн дага тІе йиллахьа, чІуг санна, хьайн пІелгах йоллахьа, хІунда аьлча, Іожалла санна, чІогІа бу безам, дІакхалхар санна, онда ду хьаьгна хилар. Безаман пхерчий цІарах дина ду, онда цІе ю иза ша а. Везачу Эло суна дуьхьал сурт хІоттийра, Шен цІенна хьалха лаьтташ долу инжираш чохь йолу ши тускар а гойтуш. (Иза дара бавелхойн паччахь волчу Набухди-Нецара яхІудхойн паччахьан ЯхІу-Якхаман кІант Яхун-ЯхІу яхІудхойн тхьамданашца а, аьчка а, дечиган а пхьерашца а Ярушалайм-гІалара Бавел-махка йийсаре вигначул тІаьхьа.) Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара, ЯхІу-Якхаман кІентан ЯхІу-Яхинан метта, ЯхІуд-махкахь паччахьалла дан Юши-ЯхІун кІант ЦІадукъ-ЯхІу охьахаийра. Оцу дийнахь, – боху Везачу Эло, – хьо, Сан ялхо, Шалтаалан кІант Зурбабел, Ас, схьа а эцна, Сан пІелга тІехь долу мухІар санна латтор ву, хІунда аьлча хьо Ас къастийна ву, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло“».
Выбор основного перевода