Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Іабарим лаьмнашна тІе хьала а валий, муабахойн лаьтта тІехь Ерихон-гІалина дуьхьал болчу Набу-лома тІе а валий, дІахьажа КанаІан-махке, Ас исраилхошна дола дІалуш долчу лаьтте. Исраилан халкъ, хьайн когашка мачаш ма йохаяйта, хьайн къамкъаргана хьогалла ма гайта, кхечу деланашна тІаьхьа а уьдуш. Амма ахьа элира: „Са ма тийса! Суна кхечу къаьмнийн деланаш беза, со царна тІаьхьа лелар ду“». «Нагахь санна майрачо дІаяхийтина йолу зуда, кхечуьнга маре яхча, цуьнан хьалха хилла майра иза йолчу юхавоьрзур вуй те? Бехлур барий те и хІума дича мохк? Исраилан халкъ, дуккха а безаргашца лелла хьо, ткъа хІинца Со волчу юхадерза лууш ду хьо? – боху Везачу Эло. – Аренга Со араваьлча, туьро хІаллакбинарш го Суна, гІала Со чувеача, мацалло кІелбитинарш а го. Пайхамарш а, динан дай а бу лаьттахула кхетам дІабаьлла лелаш“». Хьан мел хиллачу бартхошна хьо дицделла, цу къаьмнашна бала бац, хьуна хІуъа хилча а. МостагІчо санна, Аса хьуна тоьхна, луьрачо санна, Аса хьуна таІзар дина, хІунда аьлча хьан бехк боккха бу, ткъа ахь летийна къинош алссам ду.
Выбор основного перевода