Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Сан ялхоша юур ю, ткъа шу меца Іийр ду, Сан ялхоша мер ду, ткъа шу хьогах хир ду, Тхайн эхь тІехь а долуш, охьадуьжийла тхо, тхан сийсазалла, шаршу санна, тхуна тІехь хуьлийла, хІунда аьлча оха а, тхан дайша а, кегий долчу хенахь дуьйна хІара хан тІекхаччалц, тхан Везачу Далла дуьхьал къинош летийра, Цо аьллачуьнга ла а ца дугІуш“». Пайхамарша аьлларг мох санна эрна хир ду, Везачу Элан дош цаьрца цахиларна. Цара аьлларг царах шайх гІойла», – бохуш. Амма соьца Веза Эла ву, Иза ницкъболу тІемало санна ву. Цундела сан мостагІийн ког тасалур бу, цаьрга со эшалур а вац. Церан Іалашо кхочушхир яц, уьш юьхьІаьржачу хІуьттур бу. Церан эхь цкъа а дицдийр дац, иза абаденналц лаьттар ду. Аса массо а къилбаседехьара къаьмнаш а, Сан лай волу бавелхойн паччахь Набухди-Нецар а схьавалор ву. Аса уьш хІокху махкана а, мехкан бахархошна а, цунна гонах мел долчу къаьмнашна а дуьхьалбохур бу. Аса кхоччуш хІаллакбийр бу уьш, царах гуттаренна а къапалгаш а еш. Уьш къемате а хир бу, царах кхаьрдар а бу. Аса Ярушалайм-гІалане а, ЯхІуд-махкарчу гІаланашка а, церан паччахьашка а, тхьамданашка а цу кеда чуьра малийтира, церан латтанаш дассорхьама а, адамашка, цецбовларца шакарш а етташ, цу меттигийн цІераш а ялош, неІалт алийта. Нах хІинццалц а иштта лела. Хьан мел хиллачу бартхошна хьо дицделла, цу къаьмнашна бала бац, хьуна хІуъа хилча а. МостагІчо санна, Аса хьуна тоьхна, луьрачо санна, Аса хьуна таІзар дина, хІунда аьлча хьан бехк боккха бу, ткъа ахь летийна къинош алссам ду. Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Со цу Іушна дуьхьалваьлла, Ас уьш Сайн жа бахьана долуш жоьпе озор бу. Ас уьш Сайн жа дажочуьра совцор бу. Цара шаьш кхидІа иза дажор дац. Ас Сайн жа церан мочхалех кІелхьардоккхур ду. Сан уьстагІий церан даар хилла кхин дІахІуьттур дац’“». Эпрайман халкъ мох бажош ду, дерриг а дийнахь малхбалерчу махана тІаьхьадолу иза. Ша лело харцонаш а, бохамаш а алсамбоху цо. Ашур-махкаца барт а бо цо, Мисар-махка зайтдаьтта дохьуьйту цо». Везачу Эло ЯхІудан халкъе бехкаш доху. Якъубан тІаьхьенна таІзар дийр ду Цо, церан некъашка хьаьжжина. Царна дан догІург а дийр ду Цо, церан гІуллакхашка хьаьжжина.
Выбор основного перевода