Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ницкъаца хьайн уллорачуьнгара хІума схьа а ма яккха, иштта цунна къола а ма де. ТІелаьцна болх биначунна йогІу ял сахиллалц цунна ца луш ма Іе. Къийвеллачу вашас ша хьайна вохкахь, ваца ма ве иза, лай санна. Цийон-лам тІера Ярушалайм цІийца а, харцдолчуьнца а хьалахІоттош дерш! «Декъаза ву хьарамлонца шена хІума гулдийриг, шена цІа дайтархьама а, шен бен лакхенгахь бархьама а, цу тайпана бохаман куьйгах ша кІелхьарваккхархьама!» Шун аренаш лелийначу белхалойн ял ю кхойкхуш, аша, дІа ца луш, сацийна йолу. Ялта чудерзочеран тийжар массо а ницкъийн Везачу Элан лергашка кхаьчна ду.
Выбор основного перевода