Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса ИбрахІим хаьржина, цуьнга весет дайтархьама шен берашка а, тІаьхьенашка а, Везачу Элана ма-лаъара, нийсонца а, хьанал а даха аьлла. ТІаккха Везачу Эло Ша дийр ду аьлларг дерриг а дийр ду цунна». Шайн берашна хьеха уьш, исраилхой, дийца царах лаьцна шайн цІенош чохь хевшина Іаш а, шаьш некъ беш а, шаьш дІадуьйшуш а, хьалагІовттуш а. Шайн кІенташна хьеха уьш, дийца царах лаьцна шайн цІенош чохь хевшина Іаш а, шаьш некъ беш а, шаьш дІадуьйшуш а, хьалагІовттуш а. Тхайн берех иза къайла а доккхур дац. Хинйолчу тІаьхьене оха дІадуьйцур ду Везачу Элан сийлахь гІуллакхех лаьцна, Цуьнан ницкъах а, Цо динчу тамашийначу хІуманех а лаьцна. Цо Якъубан тІаьхьенна бакъонаш дІахІиттийра, Исраилан халкъана товрат-хьехам дІабелира. Тхан дайшна тІедиллира Цо шайн берашна цаьрга иза дІадовзийтар. Цу тайпана тІейогІучу тІаьхьенна иза хуур дара, дуьнен чу бовлучу наха шайн берашна иза дІадуьйцур а дара. Уггар а коьртаниг – хьайн дог лардар ду, хІунда аьлча цу чохь хьан дахаран шовда ду. Ткъа аша, дай, шайн бераш оьгІаз ма эхийта. Мелхо а, хьалакхиабе уьш, Везачу Элан лаамехь а болуш, царна хьехамаш а беш, уьш Іама а беш.
Выбор основного перевода