Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас шайга весет мел динарг кхочушдан хьовсалаш. Цхьа а хІума тІе а ма тохалаш, дІа а ма даккхалаш». ЧІогІа а, йоккха къонахалла йолуш а хила, Сан ялхочо Мусас кхочушбе аьлла болу берриг а товрат-хьехам леррина Іалаш а бе, кхочуш а бе. Цунна тІера аьтту а, аьрру а агІор ма верза, тІаккха айхьа дечу муьлххачу а гІуллакха тІехь ларош хир ву хьо. Кху тептар тІехь дІаяздина долу Делера болчу хаамийн дешнаш хезаш волчу хІоранга а Аса дІахьедар до: «Нагахь цхьаммо кху дешнашна тІе цхьа хІума тІетохахь, Дала цу тептар тІехь бийцина болу массо а баланаш тІебоуьйтур бу цунна. Нагахь кху тептар тІехь дІаяздина долчу Делера болчу хаамийн дешнех цхьа хІума тІера дІадаккхахь, Дала кху тептар тІехь дийцина долчу дахаран диттехь а, иштта йийцинчу езачу гІалина чохь а дакъалацар дІадоккхур ду цуьнан».
Выбор основного перевода