Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьана а тайпана лакхахь стигалахь, я лахахь лаьттахь, я лаьттал лахарчу хиш чохь хІуманан вастехь сурт кхуллуш, шайна цІуш а ма белаш. Царна корта а ма бетта, Іибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таІзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц таІзар до. Везачу Эло Мусага элира: «Кхузара чувосса сихло, ахь Мисарара арадаьккхина хьан халкъ телхина ду. Цхьана а тайпана лакхахь стигалахь, я лахахь лаьттахь, я лаьттал лахарчу хиш чохь хІуманан вастехь сурт кхуллуш, шайна цІуш а ма белаш. Цкъа а лийр воцучу Делан сийлалла цара хийцира цІушна Іамалъярх. И цІуш лийр долчу адамийн а, хьозанийн а, дийнатийн а, текхаргийн а куьцехь бара.
Выбор основного перевода