Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха Дала халкъе хІара дешнаш элира: Цара Мусага элира: «Ахь дийца тхоьца, оха ладугІур ду, амма Дала тхоьца къамел ма дойла, тхо ца далийтархьама». Везачу Эло Мусага элира: «ДІаала исраилхошка: „Шуна гира, Ас стигалара шайга къамел деш. ТІаьхьа дийна а дуьсуш, хьуна санна хезний те цхьана а халкъана делан аз цІеран юккъера схьадечу къамелаца? Цо стигалара Шен аз хазийтина, шу Іаморхьама. Цо лаьттахь Шен сийлахь йолу йогу цІе а гайтина шуна, цІеран юккъера Иза Ша вистхуьлуш а хезна шуна. Веза Эла ломахь йолчу цІерана юккъера юьхь-дуьхьал вистхилира шуьга. ХІара хьехамаш лам тІехь волчу Везачу Эло чІогІачу озаца халкъан берриг а гуламна белира. ЦІерана а, мархина а, Іаьржачу боданна а юккъера Ша вистхилча, царал сов, Цо хІумма а ца элира. ТІаккха и дешнаш тІулгах йолчу шина экъанна тІе дІа а яздина, уьш соьга схьаелира Цо».
Выбор основного перевода