Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Царна корта а ма бетта, Іибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таІзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц таІзар до. Исраилхошна гуш дара ламанан боххьехь, цІе санна, догу Везачу Элан олаллин нур. Царна корта а ма бетта, Іибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таІзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц таІзар до. Цхьана а кхечу деланашна тІаьхьа ма хІитталаш, цхьана а шайна гонах хир долчу кхечу къаьмнийн деланашна а тІаьхьа ма хІитталаш, хІунда аьлча шуна юкъахь хуьлуш волу Веза Дела эмгаралла йолу Дела ву. Шу кхечу деланашна тІедерзахь, Иза, латийна цІе санна, дарлур а ву, Цо дуьнен тІера дІадохур а ду шу. Ткъа хІинца хаа ду шуна: шун Веза Дела ву шуна хьалхаваьлла, цІеро санна, дерриг а дІакхоллург волу. Цо уьш хІаллак а бина, шуна хьалха охьабохкур бу. Аш уьш сихха дІа а лохкур бу, хІаллак а бийр бу, Везачу Эло шайга ма-аллара. Массо а ницкъийн Везачу Эло аьлларг сайн лергашца хезира суна. «ХІокху къинна гечдийр дац шуна, шаьш делла дІадовллалц», – чІагІо йира массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло. Со Веза Эла ву, иза ю Сан цІе. Сайна йогІу сийлалла кхечу далла дІа ца йолуьйту Ас. Сайна богІу хастам цІушна ца бойту Ас. Церан долахь долчу я детига, я дешига кІелхьарбахалур бац уьш Везачу Элан оьгІазаллин дийнахь. Цуьнан эмгараллин цІеро хІара дерриге а латта дагийна дІакхоллур ду. Цо лаьтта тІехь вехаш волу хІорра а цІеххьана кхоччуш дІавоккхур ву. хІунда аьлча «вайн Дела массо а хІума дІахьулъеш йолу цІе ю».
Выбор основного перевода