Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун Везачу Дала шайна тІедехкинчу некъашца лелалаш, шайна дола дан лун долчу лаьтта тІехь шаьш дийна хилийтархьама а, шуна дика хилийтархьама а, шаьш дуккха а дахийтархьама а». «Ас тахана шайна деш долу весеташ леррина кхочушделаш, шаьш дийна хилархьама а, дебийтархьама а, дІа а дахана, шун дайшка Везачу Дала, ваІда а деш, лур ду аьлла долу и латта шайн дола даккхархьама а. Массо а хенахь бакъйолу кхел бен ма елаш, шаьш дийна хилийтархьама а, шайн Везачу Дала шайна луш долу латта дола даккхархьама а. Нагахь санна тахана ас шайна тІедуьллуш долчу шун Везачу Делан весеташка аша ладогІахь, – шайн Веза Дела везар, Цуьнан некъашца лелар, Цуьнан весеташ а, Цуьнан парзаш а, Цуьнан тІедехкинарш а лардар – шу дехар а ду, шу дебар а ду, шайн дола даккха шу тІедоьлхучу лаьтта тІехь шу декъал а дийр ду. Ас тахана тІекхойкху стигал а, латта а, аша бен болчу харжаман тешаш хила. Ас шуьга харжийта дІало дахар я Іожалла, декъала хилар я неІалт кхайкхийна хилар. Шайна дахар харжа шу а, шун тІаьхье а яхийтархьама а, Ас царна Сайн парзаш а делира, иштта Сайн тІедехкинарш дІа а хаийтира. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула билггал вехар ву.
Выбор основного перевода