Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан весеташ лар а де, кхочуш а де. Со Веза Эла ву. Шайн да а, нана а лара, шайн Везачу Дала тІе-ма-диллара, шайн Везачу Дала шуна луш долчу лаьтта тІехь дехха дахар шун хилийтархьама а, шуна дика хилийтархьама а. ЭхІ-хІай, Соьга ларамах дуьзна а хилла, дерриге а Сан весеташ кхочушдан даим церан дегнаш делахьара, шайна а, шайн берашна а гуттаренна диканиг хилийтархьама! Шун Везачу Дала шайна тІедехкинчу некъашца лелалаш, шайна дола дан лун долчу лаьтта тІехь шаьш дийна хилийтархьама а, шуна дика хилийтархьама а, шаьш дуккха а дахийтархьама а». И дан деза аша а, шун бераша а, царал тІаьхьа хиндолчу бераша а шайн Везачу Деле ларамах дуьзна шаьш хилийтархьама а, ас шайна тІедохкуш долу дерриг а Цуьнан парзаш а, весеташ а лардайтархьама а, шун дахаран хан яхъялийтархьама а. Исраилан халкъ, ла а догІа, уьш леррина кхочуш а де, шайна дика хилийтархьама а, шу алсам дебийтархьама а шуьрех а, мазах а дуьзна токхе лаьтта тІехь, шун дайн Везачу Дала шуна чІагІо ма-ярра. Везачу Эло, чІагІо а йина, шун дайшна а, церан тІаьхьенна а лур ду аьллачу, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу оцу лаьтта тІехь дехха дахар шун хилийтархьама, ларделаш и весеташ. Ма даалаш иза, шайна а, шайн берашна а шул тІаьхьа а даим дика хилийтархьама, хІунда аьлча оцу тайпана шайн Везачу Делан бІаьргашна хьалха нийса дерг деш ду аша. Хьажал, леррина кхочушде аса шуна тІедуьллуш долу хІара дерриге а дешнаш. Аша иза дахь, шуна а, шул тІаьхьа долчу берашна а дика хир ду, хІунда аьлча цу тайпана, шайн Везачу Делан бІаьргашкахь дика а, нийса а дерг деш лелаш хир ду шу». КІорнеш шайна схьаэцалаш, ткъа нана дІахеца хьовсалаш, шуна дика хилийтархьама а, шун хан яхъялийтархьама а. «Шайн да а, нана а лара» – чІагІо тІетоьхна йолчу весетех хьалхарниг ду иза: «хьайна дика хилийтархьама а, хьо лаьтта тІехь дукха вахийтархьама а».
Выбор основного перевода