Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Юькъачу мархи юкъахь хьуна дуьхьал хІуттур ву Со, Ас хьоьца деш долу къамел хезча, нах гуттаренна а хьох тешийтархьама». ТІаккха наха аьлларг Везачу Элана хаийтира Мусас. УьстагІан маІан аз тІаьхь-тІаьхьа чІагІлуш дара. Мусас къамел дора, Дела цунна дуьхьал стигал къовкъарехь вистхуьлура. Везачу Эло Мусага элира: «ДІаала исраилхошка: „Шуна гира, Ас стигалара шайга къамел деш. ТІаккха Веза Эла шуьга вистхилира оцу цІерана юккъера. Цо дуьйцург шуна хезара, амма Цуьнан васт ца гора, аз бен ца хезара. Шу герга ца даьхкина куьг Іоттал уллохь болчу а, цІе летта богучу а ламанна а, Іаьржачу боданна а, чІогІачу махана а,
Выбор основного перевода