Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха Везачу Эло Мусага элира: «Со волчу лам тІе хьала а валий, кхузахь саца. Айса нахана хьеха кечдина парзаш тІехь долу тІулган экъанаш лур ю Ас хьоьга». Синай-лам тІехь Мусаца къамел чекх а даьккхина, цунна Шен куьйгаца язйина йолу тІулган ши экъа елира Везачу Эло. Мусас Веза Эла волчохь шовзткъа де а, шовзткъа буьйса а яьккхира. Цу хенахь цо яа хІума а ца йиира, хи а ца мелира. ТІулган экъанаш тІехь бартбаран дешнаш дІаяздира цо: Делера болу итт хьехам. Везачу Эло шуьца бина барт тІеязбина йолу тІулган экъанаш схьаэца со лам тІе хьалаваьлча, ас цигахь шовзткъа де-буьйса даьккхира, бепиг а ца дууш, хи а ца молуш. Шовзткъа де-буьйса дІадаьлча, Везачу Эло соьга схьаелира тІулган ши экъа, бартбаран экъанаш.
Выбор основного перевода