Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «ДІаала исраилхошка: „Шуна гира, Ас стигалара шайга къамел деш. ТІаккха Веза Эла шуьга вистхилира оцу цІерана юккъера. Цо дуьйцург шуна хезара, амма Цуьнан васт ца гора, аз бен ца хезара. Аша иштта элира: „Вайн Везачу Дала Шен сийлалла а, возалла а схьагайтира вайна. Цуьнан аз цІерана юккъера схьахезнера вайна. Тахана вайна гира Дела адаме вистхилахь а, и адам дийна диса мегаш хилар. Дуй те цхьа а адам вайна санна цІерана юккъера дийна волчу Делан аз а хезна, дийна дисина долу?
Выбор основного перевода