Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас тахана тІекхойкху стигал а, латта а, аша бен болчу харжаман тешаш хила. Ас шуьга харжийта дІало дахар я Іожалла, декъала хилар я неІалт кхайкхийна хилар. Шайна дахар харжа шу а, шун тІаьхье а яхийтархьама а, шайн Веза Дела везарца а, Цуьнан озе ладогІарца а, Цунах дІакхетарца а. Шу иштта лелахь, Везачу Дала шун дайшна, ИбрахІимна а, Исхьакхана а, Якъубана а, лур ду аьлла чІагІо йинчу лаьтта тІехь шу а, шун тІаьхье а ехха Іийр ю». Мусас цаьрга иштта элира: «Ас тахана шайна дІахьедина долу дерриге а дешнаш шайн даг тІе дижийта. Шайн берашна тІедилла, хІокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш леррина кхочушдар. ХІунда аьлча иза шуна эрна дерг дац, иза – шун дахар ду. Шу цуьнгахула дуккха а дехар ду, шайна дола даккхархьама Йордан-хих шу дехьадовлучу оцу лаьтта тІехь». ТІаккха аьлла Цо адаме: «Хьалдолчу Эле ларамах вуьзна хилар – иза хьекъалалла ду, ткъа зуламна генавалар – иза кхетамалла ду». qac Шqac*аьш хьекъалалле кхачийтархьама, нах уггар хьалха Везачу Эле ларамах буьзна хила беза. Эрна доцу дуьхьекхиар Цо тІедехкинарш лардеш болчу массеран а хир ду. Іаббалц Цунна беш болу хастамаш абаденналц лаьттар бу. Везачу Эле ларамах вуьзна хилар – иза хьекъалаллин юьхь ю, ткъа Веза Дела вовзар – иза кхетам бу.
Выбор основного перевода