Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мичахь ду Хьан санна долу къам? Мичахь ду Исраилан санна долу халкъ? Шен дуьхьа Дела араваьлла къам дуьнен чохь цхьаъ бен дац. Дела аравелира, Шена и къам мехах схьаэцархьама а, Шен цІе айархьама а, уьш бахьана долуш даккхий а, инзаре а гІуллакхаш дархьама а. Айхьа Мисар-махкара мехах паргІатдаьккхина долчу Хьайн къомана хьалхара важа къаьмнаш а, церан деланаш а дІалохкура Ахь. Со хир ву Сайн исраилхошна юкъахь. Ас дуьтур дац Сайн долахь долу Исраилан халкъ». Дела – вайн дІалочкъийла а ю, вайн ницкъ а бу, вай де доьхна хьаьвзича, гуттар а кийча волу гІоьнча а ву. qac Цqac*Іеначу даггара Шега кхойкхучарна, массарна уллохь ву Веза Эла. Лаха Веза Эла Иза каро мегачу хенахь. Кхайкха Цуьнга, Иза уллохь волчу хенахь.
Выбор основного перевода