Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шу къаьмнашна юкъахь дІасадаржор ду Ас, шуна тІаьхьа тур а даьккхина. Шун латта даьсса хир ду, шун гІаланаш а йохийна Іохкуш хир ю. Стигалара седарчий санна, шу дукха хиллехь а, кІеззиг бен дуьсур дац шу, хІунда аьлча шайн Везачу Деле ла ца дуьйгІи аш. Лаьттан цхьана маьІІера вукху маьІІе кхаччалц, массо а халкъашна юкъахь дІасадоькъур ду шу Везачу Эло. Шайна а, шайн дайшна а ца бевзачу дечиган а, тІулган а цІушна Іамал йийр ю аша. Хьайн ялхочуьнга Муса-пайхамаре Айхьа аьлларг дагадаийтахьара Ахьа Хьайна. Цуьнга Ахьа аьллера: „Нагахь санна шу тешаме ца хилахь, Аса шу кхечу къаьмнашна юкъахь дІасадаржор ду. Ткъа церан деланаш детих а, деших а бина бу, уьш адамийн куьйгашца бина болу цІуш бу. Церан батош ю, амма цара къамел ца до, церан бІаьргаш бу, амма царна хІумма а ца го. Церан лергаш а ду, амма царна ца хеза. Церан марош а ду, амма царна хьожа ца йогІу. Куьйгаш а ду церан, амма уьш хьакха ца ло. Когаш а бу церан, амма уьш лелаш бац. Церан легашкара аз а ца долу. ЦІуш беш берш – берриш а хІумма а йоцу хІуманаш ю. Царна дукхаезаш йолу хІуманаш пайда боцуш ю. Оцу цІуйх тоьшалла дечарна хІумма а ца го, хІумма а ца хаало. Уьш юьхьІаьржачу хІиттор бу. Шайн белшаш тІе а вуьллий, дІахьо цара цІу. Шен метта дІахІоттаво цара иза, цигахь иза лаьтта. Цигара меттах а ца волуш, лаьтта иза. Цхьаммо шега мохь хьекхахь а, цо дуьхьал жоп а ца ло я вочу балхах цхьа а кІелхьар а ца воккху. Иштта, Ас шаьш кхечу къаьмнашкахула дІаса а даржийча, кхечу мехкашкахула дІаса а кхийсича, царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла.
Выбор основного перевода